Захало

Захало

я нохчийн доьзал кхолларан г1иллакхаш

Хи йистехь. Захало«Малх хьаьжначу дийнахь а, стогар латабай бен, ма де захало», - аьлла кица ду вайн халкъан. Ши б1аьрг беллий, хьекъалца, кхетамца харжа к1антана дало нускал а, шайн йо1 маре яла к1ант а бохург ду и. Я шаьш гергарло тосучу нехан орамаш довза - хаа уьш х1ун нах бу я нах буй...
Вайн дайн заманахь хьаьнг-хьаьнга а маре йохуьйтуш ца хилла наха шайн йо1. К1ант хьал долчу я мелла а таро йолчу нехан хила веза бохург дац и. Нуц хила араваьлларг уггаре хьалха шен бийца орам а, диканца хьахо дай а болуш хила везна. Т1аккха - адамашна гайта шен юьхь йолуш: собарца, бакъонца, нийса, тешаме, хьанал, дош цхьаъ долуш хиларца. «Юьгург стаг велахь, т1улга т1ехь а кхоллалур ду къоначаьрга шайн ирс, - боху цунах лаьцна кицано, - юьгург стаг вацахь, дуьне цуьнан долахь делахь а, бартаца, безамца ирсе дахар кхиъна, хайра долуш охьа а ховшур бац уьш».

Зударех цхьа-ши дош

 

zuda(статья на чеченском языке)

Зудчух лаьцна дуккха а хабарш ду вайна юккъехь лелаш. Амма, и хабарш дуьйцуш лелачара, дукха хьолахь дицдо зуда а адам хилар. Цул сов, цхьа Адам-пайхамар воцург цхьана нанас кийрахь лелоза а вац. ТIехула тIе, вайн Iадаташца дуьстича а йишас вешера дIаэцна ю зударийн олуш йолу цамгарш, шолгIа делахь, кхана вай тIехIуттур долчу махьшеран арахь, хIора а шен-шен мохь базбелла, «гIолаца мила вер вара те?» - бохуш, массо а холчу хIиттинчу дийнахь, йишас боькъур бу боху вешица и беза мохь.
Шен дегIан-син мутта цуьнца доькъуш леладо нанас шен кийрахь бер. Цу тIе, доьзалхо дуьненчу волучу хенахь ненан бIаьргашна тIе Iожаллин бIаьрг хIутту. Кийрахь лелийнарг-м хIунда юьйцура шех дуьххьара куьг кхеттачунна а, иза некхе лецначунна а, декхаре лоруш ву нохчаша стаг. Къемата де тIе кхаччалца йолчу хенан йохаллехь, Iай кхакхана тIе, аьхка тIаьрсигана тIе а хаош, дагаеънарг тIекхачош дола дича а, шен оццул а терго йинчунна хьалхахь декхарийлахь вуьсур вара кIант (йоI). Зударийн ларам вайлахь лоха хила а ца хилла, хуьлийла а дац. Дагалаца А.Казбегис а, кхечара зударшца нохчаша лелош хиллачу юкъаметтигех лаьцна яздинарш.

Всего комментариев: 0
avatar