Аллах1а декъал хиллачарех а, дика хиллачарех а дойла вай!

Къуръан т1ехь ахь «дукхах болу нах» аьлла дош лахахь, хьуна карор ду цунна т1аьхьа дог1уш долу дош: «хууш бац», «шукр деш бац», «тешаш бац» аьлла.
Нагахь ахь Къуръан т1ехь «Царех дукхахберш» аьлла дош лахахь, я таллахь хьуна карор ду цунна т1аьхьа дог1уш долу дешнаш:
«песакъ бу (телхина бу)», «ца хууш бу», «(дикачух) д1а бирзина бу», «кхеташ бац», «хезаш бац» аьлла.
Ткъа хьо хила Аллах1а шайн хьокхехь аьллачу к1еззигчарех «Сан лайшха шукур дийриш к1еззиг бу». «К1еззигчара бен цуьнга (Нухьега) ийман ца диллира».
Ибнул-Къаййима (Аллах1а къинхетам бойла цунах) аьлла: "Бакъонан некъ схьалацалахь, оцу некъа т1ехь берш к1еззиг хиларна сингаттаме ма хиллахь. Варийлахь, харц некъах ларлолахь! Х1аллакхуьлуш берш дукха хиларна 1еха ма лолахь".
Аллах1ехь бен дикачунна т1е верзо а, вончух д1а хьовзо а ницкъ бац.



